Romans 6
Къинна вай делла, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца дехаш ду
1ТӀаккха, хӀун ала вай? Къинош а летош Ӏей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? 2Дера ма Ӏе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидӀа вай муха дахалур ду те? 3Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тӀеэцна хилар? 4 aИштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дӀа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Ӏайтархьама. 5Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. 6Вайна хаьа, шира адам Ӏийсаца цхьаьна жӀарах дӀатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хӀаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидӀа ца хилийтархьама а, 7хӀунда аьлча велларг къинан олаллех паргӀатваьлла. 8Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. 9Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац. 10Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дӀакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. 11Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна. 12Лийр долчу шайн догӀмашна тӀехь кхидӀа къине олалла ма дайта. Къинан Ӏалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар. 13КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта. 14Къино шуна тӀехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду.Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш
15ТӀаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац! 16Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтӀахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хӀаллакдийр ду, я Далла муьтӀахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. 17Далла бу хастам! ХӀетахь къинан леш шу хиллехь а, хӀинца шаьш муьтӀахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. 18Къинойх паргӀатдевлла долу шу, хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. 19Шун адамийн синош гӀийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХӀетахь шайн дегӀан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дӀаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дӀало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду. 20Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. 21Шаьш хӀинца юьхьӀаьржачу хӀиттош, хӀетахь лелийначу гӀуллакхех шуна хӀун пайда баьлла? Цу гӀуллакхийн чаккхе Ӏожалла ма ю! 22Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. 23Къинош леторна луш йолу ял Ӏожалла ю, ткъа Дала луш долу совгӀат Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.
Copyright information for
CheCAC2012