‏ Romans 7

Товрат-хьехамашна белла лоруш берш

1Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла? 2Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу. 3Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. 4Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. 5Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура. 6Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.

Товрат-хьехамаш а, къинош а

7 aДелахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла». 8Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. 9Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира, 10ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра. 11 bКъино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.

12Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.

13ТӀаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Ӏожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Ӏожаллина тӀе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чӀогӀа къилахь хилар гучудоккху.

Вайна чохь болу къовсам

14Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох. 15 cСо ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. 16Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса. 17Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. 18Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. 19Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. 20Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.

21Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. 22Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо. 23Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох. 24Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах? 25Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна!

Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.
Copyright information for CheCAC2012