hЗабур 43:23.
Romans 8
Делан Синца долу дахар
1Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, 2Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо ▼▼Хьо – вукху тептарш тӀехь: со.
паргӀатваьккхина дела. 3Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. 4Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. 5Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. 6Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргӀато а ю. 7И хӀунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагӀа хуьлу. Делан хьехамийн Ӏедална муьтӀахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтӀахь ца хилало иза. 8Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало. 9Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. 10Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегӀ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду ▼▼Ткъа шун са дийна ду – я иштта: ткъа Делан Сино шуна дахар лур ду.
, Дала шу бакъдина долу дела. 11 cӀийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Ӏийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догӀмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. 12Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай. 13ХӀунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гӀоьнца шайн дегӀо летош долу къинош аша хӀаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду. 14ХӀунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду. 15 dАша тӀеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тӀеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба ▼▼Абба – арамхойн маттахь иза «Дада!» бохург ду.
, сан Дада!» 16Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. 17Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Хиндолу сийлалла
18Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хӀинца ловш йолу халонаш хӀумма а доцург лору ас. 19Дала кхоьллина мел долу хӀума сатийсарца ладоьгӀуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дӀаделладаларе. 20 fДала мел кхоьллинарг цу хӀуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, 21Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргӀатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргӀатонехь хилийтархьама. 22Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хӀума хӀинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна. 23 gДала мел кхоьллинчо дина а ца Ӏаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгӀуш. Оцу хенахь Дала вайн догӀмаш паргӀатдохур ду. 24ХӀунда аьлча вай кӀелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тӀаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга? 25Ткъа вай хӀинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгӀуш. 26Цу кеппара гӀорасиза долчу вайна Делан Сино а гӀо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доӀанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тӀера Деле доьху дешнашца вайга дӀа ца алалучу узаршца. 27Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тӀера Делан лаамца Цо доьху дела. 28Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тӀекхайкхинчеран дуьхьа. 29Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КӀентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. 30Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тӀекхайкхина, ткъа, тӀе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина.Дала леррина Къобалвинчуьнгахула адамашка болу Делан безам
31ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? 32Шен КӀант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДӀавеллачо, шеко яц, Шен КӀантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгӀатна лург хиларх! 33Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. 34Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза. 35ДӀакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Ӏожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! 36 hДелан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хӀора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду.Тхо дайа кечдина долу уьстагӀий санна хета царна».
37ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. 38Со теша, я Ӏожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, 39я цхьана а вайна тӀехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хӀумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула болчу Делан безамах вай дӀакъасто йиш цахиларх.
Copyright information for
CheCAC2012