Romans 9
Дела а, Цуьнан халкъ а
1Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна: 2Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь. 3Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу 4 aисраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш. 5Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! 6Ша йина чӀагӀо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамӀ дойла дац, хӀунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой. 7 bДала ИбрахӀим а, цуьнан тӀаьхье а къастийна елахь а, ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю». 8И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен. 9 cХӀунда аьлча Дала дина ваӀда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогӀур ву, тӀаккха Саратан кӀант хир ву». 10И хилла а ца Ӏа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кӀант а волуш, берах йолчу хенахь. 11– 12 dРебикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». И ши кӀант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Ӏалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Ӏалашо. Динчу гӀуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза. 13 eДелан Йозанаш тӀехь яздинчуьнца догӀуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира,ткъа Ӏесав ца вийзира».
14ХӀун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац! 15 fХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу,
Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
16И бохург хӀара ду: стеган лааме я цо гӀуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг. 17 gДелан Йозанашкахь Дала иштта боху пирӀуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дӀахӀоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тӀехь массо а адамашна Сайн цӀе йовзийтархьама а». 18Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
Делан оьгӀазалла а, къинхетам а
19Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Ӏалашонна дуьхьал?» 20 hТкъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хӀумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хӀунда йина ахьа?» 21Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегӀа лараме долчу гӀуллакхна, ткъа важа пхьегӀа ларамаза долчунна ян? 22Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. 23И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера. 24Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Ӏаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. 25 iХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах –„Сан халкъ“эр ду Аса,
Сайна езаш йоцучух а –
„Сайна езаш ерг“эр ду Аса.
26 j„Шу сан халкъ дац“– баьхначу меттехь,
„Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга».
27 kТкъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац. 28ХӀунда аьлча лаьтта тӀехь дехаш долчу адамашна ян йогӀу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю». 29 lЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара,
вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара,
Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».
Исраилхой а, хаза кхаъ а
30ХӀун эр вай хӀинца? Вайна хӀара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар. 31Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало. 32Ткъа хӀунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гӀуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тӀулгах» тасабелира уьш, mДелан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллуадамаш тасалур болу тӀулг а,
нах галбовлуьйтур йолу тарх а.
Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
33
Copyright information for
CheCAC2012