‏ Ruth 2

Рутин а, БоӀазан а довзар

1НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара. 2 aМуабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш».

НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».

3Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера. 4Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» – аьлла.

«Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.

5ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» – аьлла.

6Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу. 7ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла
Товрат-хьехамашца мискачу нехан бакъо яра маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьо.
. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара».

8БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила. 9Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».

10Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»

11«Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо. 12Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоӀаза.

13«Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, – элира Рутис, – хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».

14Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш».

Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТӀаккха БоӀаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира.
15ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.

16«ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» – аьлла, буьйр дира цо.

17Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира. 18Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.

19«Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» – элира НуӀмата.

Рутис дӀадийцира шен марнене, ша хьенан кха тӀехь болх бинера. «Ас тахана кха тӀехь болх бинчун цӀе БоӀаз ю», – элира цо.

20 c«Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас.

21«Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», – аьлла, дӀахаийтира Рутис.

22ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».

23Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.
Copyright information for CheCAC2012