‏ Ruth 3

Рути а, БоӀаз а хьаьттахь

1ТӀаккха Рутига цуьнан марнана йолчу НуӀмата элира: «Сан йоӀ, хьо дӀатаръярхьама, цхьа хӀусам лехча хӀун дара-те ас? 2И БоӀаз а вайн гергара стаг ву. Цуьнан ялхошца бина ахь болх. Иза тховса хьаьттахь, мохехь мукх цӀанбеш хир ву. 3ЦӀан а лой, хьайн дегӀах хаза хьожа йогӀу хӀума а хьакхий, хьайна тӀе уггар хаза йолу бедарш а юхий, хьаьтта гӀо, амма и хӀума йиъна а, мелла а валлалц, цунна гучу ма яла. 4И дӀавижча, иза мича метте вижна а хьажий, яха а гӀой, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айий, цуьнан когашка дӀайижа. ТӀаккха цо ша эр ду хьоьга, кхин дӀа ахь хӀун дан деза».

5«Ахь бохург дерриге а ас кхочуш дийр ду», – элира Рутис.

6ТӀаккха иза хьаьтта а яхара, дерриге а шен марнанас тӀе-ма-диллара, кхочуш а дира цо. 7БоӀаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дӀавижира. Ткъа хӀара, меллаша тӀе а яхана, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айина, цуьнан когашкахь дӀатевжира. 8Буьйсанна юккъехь, набарха цӀеххьана вегийна, БоӀаз хьалаайавелча, шен когашкахь йижина Ӏуьллуш цхьа зуда карийра цунна.

9БоӀаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?»

«Со хьан лай йолу Рути ю-кх, – жоп делира зудчо, – Хьо со Ӏалашъеш, суна гӀо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хӀусамехь, хьайн юргӀана кӀелахь йитахьа со».

10«Дала декъала йина-кх хьо, сан йоӀ! ХӀара хьайн марнанна дина гӀуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь. 11ХӀинца, сан йоӀ, ма кхера хьо! Ахь дехнарг чекхдоккхур ду ас, хьо оьзда зуда хилар массарна а хаьа дела. 12 aАмма бакъду, со хьо Ӏалашъян а, хьуна гӀо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш. 13Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тӀеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тӀелаца цунна ца лаахь, ас тӀелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо! ХӀинца дӀайижа сахиллалц».

14БоӀазан когашкахь сахиллалц Ӏийра Рути. Шаьшшиннан яххьаш вовшашна къастале, сатасале хьалагӀаьттира Рути. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Цхьаьнгге а ма тосадалийта кхуза хьо еана хилар».

15Юха БоӀаза элира Рутига: «Схьалаца хьайн йовлакх».

Рутис йовлакх схьалецира. БоӀаз, цунна ялх барам мукх а белла, иза цунна ги а тесна, гӀала вахара.
16Ткъа Рути марнана йолчу яхара. Марнанас хаьттира цуьнга: «Хьайчух хӀун хилира, сан йоӀ?»

Оцу стага шена динарг дерриге а марнене дӀадийцира Рутис:
17«ХӀара ялх барам мукх а белла, цо элира соьга: „Хьайн марнанна тӀе даьссачу куьйгашца ма гӀо“».

18НуӀмата элира: «ХӀара гӀуллакх чекх муха долу хаъалц, собар де ахь. И стаг Ӏийр вац и гӀуллакх тахханехь чекх ца доккхуш».
Copyright information for CheCAC2012