‏ Song of Solomon 1

1Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли.

Хьалхара илли

ЙоӀ

Цо берташца дӀахьулйойла сан юьхь!
ЧагӀарал мерза бу хьан безам!
2Хьан духӀийн хьожа а мерза ю.
Хьан цӀе дӀасаӀанийна хьакхар санна ю.
Цундела веза хьо мехкаршна!
3ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ!
Паччахьо шен цӀа чу йиги со!
Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду.
ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай.
Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!
4Ярушалайман мехкарий,
со Ӏаьржа ю, амма хаза ю,
Къедаран четарш санна Ӏаьржа ю,
Сулиман цӀийнан шаршуш санна хаза ю.
5Сан Ӏаьржачу басе ма хьежа –
малхо еттина со.
Сан ненан кӀенташа, суна оьгӀаз а бахана,
кемсийн бошмаш ларъян хӀоттийна со,
ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.
6Сан дагна везнарг, алахьа соьга:
мичахь дажадо ахь хьайн даьхни?
Мичахь садоӀу ахь делкъахенахь?
Хьан накъостийн жашна уллохь хьо,
юьхь къайла а яьккхина, хӀунда лоьхура ас?

КӀант

7Хьуна хӀунда ца хаьа и меттиг,
зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг?
УьстагӀийн лорах дӀа а гӀой,
жаӀуйн четарш уллохь
хьайн буьхьигаш яжае.

8ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар
исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.
9Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чӀагаршна юкъахь.
Хьан логах кхозуш жовхӀарш ду.
10Детица кхелина дашо чӀагарш
йойтур ю вай хьуна.

ЙоӀ

11Шен маьнги тӀехь паччахь хиъна мел Ӏан,
сан духӀино шен хаза хьожа йоуьйтура.
12Сан накхошна юкъахь Ӏуьллу чохь хаза хьожа йогӀу
бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.
13Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг
Ӏейн-ГӀадин кемсийн бошмашкахь.

КӀант

14Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю!
Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бӀаьргаш!

ЙоӀ

15Ма исбаьхьа ву хьо,
сан везарг, ма безаме ву!
Соьналлех бина бу вайн мотт.
Вайн цӀийнан бӀогӀамаш хилла лаьтта баганан дитташ,
вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.
16

Copyright information for CheCAC2012