Song of Solomon 2
1Со Шарон-аренара акха зезаг ду,тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.
КӀант
2Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна,мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.
ЙоӀ
3Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна,кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг.
Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна,
цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.
4Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна
тӀехула йолу цуьнан байракх – безам бу.
5Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша,
Ӏежашца сан дог тодейша,
гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.
6Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду,
аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
7Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах
дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама,
ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
ШолгӀа илли
ЙоӀ
8Сайн везарган аз хеза суна!Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш,
гунашна тӀехула лелхаш.
9Сан хьомениг масарх
я къоначу сайх тера ву.
Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза,
цӀийнан корах чу а хьоьжуш,
гурах чекх бӀаьрг а бетташ.
10Сан везарг соьга баха хӀоьтти:
«ХьалагӀатта, сан хьомениг,
сан исбаьхьаниг, араяла.
11Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.
12Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла.
Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана,
къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.
13Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо,
заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо.
ХьалагӀатта, сан хьомениг,
сан исбаьхьаниг, араяла.
14Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха,
тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо,
гайтахьа суна хьайн юьхь,
хьайн аз хазийтахьа суна,
хӀунда аьлча хаза ду хьан аз,
юьхь а ю хьан исбаьхьа.
15Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш,
кемсийн бошмаш талхош долу!
Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш
талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»
ЙоӀ
16Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю.Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.
Де дохделла а далале,
ӀиндагӀаш а дӀадовдале,
цӀа юхаверзахьа ▼
▼ЦӀа юхаверзахьа – я иштта: хьийза хӀинца.
, сан хьомениг,чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх
я къоначу сех тарлохьа.
17
Copyright information for
CheCAC2012