Song of Solomon 3
1Бус-буса сайн меттахь а Ӏуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш,сайн хьомечух со мел хьоьгура,
амма цкъа а иза кара ца вора.
2Хьала а гӀаьттина, гӀалин урамашкахула а,
майданашкахула а дӀагӀур ю со.
Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас.
Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.
3ГӀалина гобоккхуш болу
гӀаролхой дуьхьалкхийтира суна:
«Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?»
4Амма со царна уллора дӀа-ма-елли,
сайн дагна везнарг карийра суна.
Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цӀа чу,
со йинчу чоьнаш чу кхаччалц,
дӀа ца хийцира ас.
5Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах
дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама,
ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
КхоалгӀа илли
ЙоӀ
6ХӀун ю иза, яьссачу арара,кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг,
эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа
йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?
7Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гӀантахь вахьаш,
кхузткъа тӀемало ву цунна гонах,
Исраилан мехкан тоьлла тӀемалой.
8Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду,
уьш тӀамана говза бу.
Буьйсанан кхерамех лардан
тур ду цаьргахь хӀорангахь а.
9Ливанунерчу дечигах гӀант дайтина Сулим-паччахьо,
цу тӀехь ша дӀасалелавайта.
10Цуьнан гураш, тӀе дети а лоцуш, дайтина цо,
цуьнан бух, тӀе деши а лоцуш, байтина,
тӀехоу меттиг цӀечу кӀадих яйтина.
Чуьра а Ярушалайман мехкарша
безамца кечдина ду и гӀант.
Дуьлол, Цийонера мехкарий,
хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье!
Паччахьо зуда ялочу дийнахь,
цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь,
шен нанас иза кечвина таж ду иза!
11
КӀант
Copyright information for
CheCAC2012