‏ Song of Solomon 4

1Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг,
ма исбаьхьа ду!
Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу.
ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.
2Лийчийначуьра догӀучу лергинчу
жерчех тера ю хьан цергаш.
Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу,
цхьа а байна бац царна юкъахь.
3ЦӀен аса санна ду хьан балдаш,
ма хаза ю ерриг а хьан бат.
Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш
наран аьхгаш санна хаза ю.
4Хьан ворта Даудан бӀов санна ю,
исбаьхьа йина йолу.
Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш,
уьш дерриш а тӀемалойн ду.
5Хьан ши накха акхачу газанан
шала йинчу шина кӀорнех тера бу.
ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.
6Де дохделла а далале,
ӀиндагӀаш а дӀадовдале,
деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со,
хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.
7Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг,
цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!

8Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал,
схьадола соьца Ливанунера!
Амана-лома тӀера сихло,
Саниран а, Хьермонан а баххьашкара,
цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра,
лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.
9Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал!
Сан дог йийсаре лаьцна ахь,
цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна,
хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.
10Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал!
Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду,
хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!
11Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал.
Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду.
Ливанунах йогӀучу хьожанах тера
ю хьан бедарийн хьожа.

12ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал.
ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.
13Хьох долу патарш нарийн беш ю,
чохь тоьлла стоьмаш болу,
йиппар а, деза нард-даьтта а ду.
14Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду,
хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а.
Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду,
тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.
15Хьо бешахь долу хьоста ду,
Ливанун-ломара охьаоьхуш
долчу дийначу хин гӀу а ю.

ЙоӀ

Къилбаседера гӀатта, мох,
къилбера схьахьакха,
сан беша тӀе берза,
тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю.
Шен беша вогӀийла сан везарг,
цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.
16

КӀант

Copyright information for CheCAC2012