Song of Solomon 5
1Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал.Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас,
сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас,
сайн шуьраца сайн чагӀар мелира ас.
Зударий
Яалаш, доттагӀий, малалаш,дуззалц малалаш, безам баханарш!
ДоьалгӀа илли
ЙоӀ
2Со йижина ю, амма сан дог сема ду.Сан везарган аз ду хезаш, цо неӀ етта:
«ДӀаелла суна неӀ, сан йиша,
сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг!
Сан коьрта тӀехь тхи ду,
сан месаш тӀехь буьйсанан тӀуналла ю».
3Ас сайн коч дӀаяьккхина.
Юха тӀеюха еза ас иза?
Ас сайн когаш билина.
Бех муха бийр бу ас уьш?
4Сан везарго неӀаран хераллехула куьг чукховдийра,
тӀаккха сан дог тохаделира, иза уллохь волу дела.
5Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла.
Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш,
сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза,
неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.
6Сайн везаргана неӀ дӀайиллира ас,
амма иза, юха а вирзина, дӀавахара.
Сан са малделира, иза дӀавахарна ▼
▼Сан са малделира, иза дӀавахарна – я иштта: Иза вистхиллачу хенахь сан са малделлера.
.Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.
Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира.
7ГӀалина гобоккхуш болчу гӀаролхоша,
дуьхьалкхетча, йиттира суна, лазийра со.
ГӀалин пенаш лардечара
тӀекхоьллина хӀума схьаяьккхира суна тӀера.
8Ярушалайман мехкарий, хӀун эр ду аша,
нагахь сан везарг шайна гахь?
Ас чӀагӀо йойту шуьга,
нагахь сан везарг шайна гахь,
алийша цуьнга, со безамо гӀелйина алий.
Зударий
9Хьан везарг кхечарал хӀун гӀолехь ву,зударшна юкъахь исбаьхьаниг?
Ахь оццул тхоьга дехар дал,
кхечарал хӀун гӀолехь ву хьан везар?
ЙоӀ
10Сан везарг лепаш а, могуш а ву,иза итт эзар кхечарал гӀолехь а ву.
11Цуьнан корта – цӀена деши ду,
цуьнан месаш, чӀуг тухуш,
хьаргӀа санна, Ӏаьржа ю.
12Цуьнан бӀаьргаш хина йистехь
Ӏаш долчу кхокханех тера бу.
Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий,
хин Ӏаьмнашна уллохь Ӏаш ду уьш.
13Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду,
хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду.
Цуьнан балдаш петӀаматаш ду,
шайх деза даьтта схьадолуш долу.
14Цуьнан куьйгаш деших дина ду,
жовхӀарш тӀе а дохкуш.
Цуьнан накха пийлан шерачу кӀомсарех бина бу,
маржанаш тӀе а дохкуш.
15Цуьнан настарш шагатӀулган бӀогӀамаш ду,
дашо когаш тӀе хӀиттийна долу.
Ливанунах тера ду цуьнан хатӀ,
баганан дитташ санна, куц а долуш.
Цуьнан бага марзо ю,
иза верриг а хьоме ву.
Иштта ву сан везарг, иштта ву сан хьомениг,
Ярушалайман мехкарий!
16
Зударий
Copyright information for
CheCAC2012