Song of Solomon 6
1Стенга вахана хьан везарг,зударшна юкъахь исбаьхьаниг?
Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза?
Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза.
ЙоӀ
2Сан везарг шен беша воьссина,мерзачу бецийн хаьснаш долчу,
бошмашкахь жа дажо а,
петӀамат-зезагаш лахьо а.
3Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву.
Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву.
ПхоьалгӀа илли
КӀант
4Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг,Ярушалайм санна, безаме ю,
байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.
5ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш,
цара дог тохадолуьйту сан.
ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу
гезарех тера ю хьан месаш.
6Лийчийначуьра догӀучу жерчийн
жех тера ю хьан цергаш.
Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу,
цхьа а байна бац царна юкъахь.
7Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш
наран аьхкаш санна хаза ю.
8Кхузткъа зуда-паччахь а,
езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а,
багар ца баллал мехкарий белахь а,
9амма цхьаъ бен йоцург – иза ю,
сан къоркхокха, сан дашониг.
Цхьаъ бен яц иза шен ненан,
ша йиначун къастийна ю иза.
Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза,
зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза.
10Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг,
бутт санна, исбаьхьа ерг,
малх санна, къегина ерг,
байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?
11БӀарийн беша чувоьссира со
тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха,
кемсийн таьлланг хецаеллий а,
нараша заза даьккхиний а хьажа.
Сан са хазахетарх дуьзна дара!
Хьайн деза даьтта лохьа суна,
элийн сан халкъан ва йоӀ! ▼
▼Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ! – я иштта: Сан са хазахетарх дуьзна дара, элана уллохь гӀудалкха тӀе хиъна Ӏаш со воьдучу хенахь. Я иштта: Самукъадаларца со вегош вара, паччахьан гӀудалкха чохь воьдуш санна.
12
Зударий
Copyright information for
CheCAC2012