Song of Solomon 7
1Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг! ▼▼Кхоччуш исбаьхьаниг – я иштта: Шуламера йоӀ.
Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта!
ЙоӀ
Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга,кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна?
2КӀархаш буьйхина хьан когаш
ма хаза бу, баьччанан йоӀ!
Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна,
исбаьхьа ю хьан настарш.
3Хьан цӀонга горга кад бу,
шена чуьра мерза чагӀар ца хеда.
Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу,
гонах петӀамат-зезагаш долу.
4Хьан ши накха – ши буьхьиг а,
акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу.
5Хьан ворта – пийлан кӀомсарех
йина бӀов санна ю.
Хьан бӀаьргаш – Бат-Рабиман кевнна
уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу.
Хьан мара – Дамасакхана тӀеерзийначу
Ливанунан бӀаьвнах тера бу.
6Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу,
хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю.
Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву.
7Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо,
сан хьомениг, сел тамехь хиларца!
8Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ,
кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош.
9Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со,
цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас».
Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара!
Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара!
10Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш,
нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу
тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара.
ЙоӀ
11Со сайн везарган долахь ю,суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам.
12Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ,
ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма.
13Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша,
кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а,
нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша.
Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна.
Безаман зезагаша ▼
▼Безаман зезаг – Ӏебархойн маттахь иза «дудаъ» ду. Оцу ораматах мерза хьожа йогӀу зезагаш хуьлу. Дийцарехь, цара нехан безам хилийта гӀо дора.
шайн хаза хьожа хецна,вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу,
керланаш а, ширанаш а –
уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг.
14
Copyright information for
CheCAC2012