‏ Song of Solomon 8

1Сан ненан некхах векхаш волу
сан ваша хьо велахьара!
ТӀаккха, хьо урамновкъахь дуьхьалкхетча,
ас барташ дохур дара хьуна,
цхьа а кхаьрдар вацара сох.
2Ас сайн ненан хӀусаме вуьгур вара хьо,
цигахь ахь суна хьоьхур дара.
Ткъа ас хьуна мерза чагӀар а,
наран мутта а малор дара.
3Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду,
аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.

4Ярушалайман мехкарий, дехар до шуьга:
безам ма баккхийша сама,
ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.

ЙолхалгӀа илли

Зударий

5Мила ю иза, яьссачу арара,
шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг?

ЙоӀ

Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо.
Цигахь хьан нанас вина хьо,
цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.
6МухӀар санна, со хьайн дага тӀе йиллахьа,
чӀуг санна, хьайн пӀелгах йоллахьа,
хӀунда аьлча, Ӏожалла санна, чӀогӀа бу безам,
дӀакхалхар санна, онда ду хьаьгна хилар.
Безаман пхерчий цӀарах дина ду,
онда цӀе ю иза ша а.
7Даккхийчу хишка яйалур яц безаман цӀе,
хин Ӏоврашка дӀахьуллур яц иза.
Нагахь цхьаъ, шен берриг а бахам а белла,
безам эца гӀерташ хилча,
цавашарца дӀатоттур вара иза.

Зудчун вежарий

8Жима йиша ю тхан,
накхош кхиаза ду цуьнан хӀинца а.
Оха хӀун дан деза цунна,
иза еха нах баьхкича?
9Иза пен белахьара,
оха цунна тӀехь дато бӀаьвнаш йийр яра.
Иза неӀ елахьара,
оха баганан аннаш тухур дара цунна тӀе.

ЙоӀ

10ХӀетахь пен санна, шера яра со, амма
хӀинца сан накхош бӀаьвнаш санна ду.
Цундела цуьнан бӀаьргашкахь
сох хӀинца кхиъна яьлларг хилира.

КӀант

11БаӀал ХӀамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан.
Беш лелочу нахе иза дӀаелира паччахьо.
ХӀораммо цхьа эзар дато ахча
дала дезара ша гулбинчу стоьмех.
12Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю.
Эзар ахча хьуна ду, Сулим,
ткъа ши бӀе – беш лелочарна.

13Сан хьомениг, хьо сан бешахь Ӏаш ю.
Сан накъостий хьоьжуш бу,
хьан аз хазархьама.
Суна а хазийтахьа иза.

ЙоӀ

14Сихлохьа, сан хьомениг, –
масарх я къоначу сех тера
хилалахь деза даьтта долчу лаьмнаш тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012