‏ Titus 3

Ӏийсах тешарш муха лела беза

1Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а. 2Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш. 3ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай. 4Вай КӀелхьардохург волчу вайн Делан дика а,
адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча,
5вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш,
ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай.

Шен Дезачу Синехула
Цо вай цӀан а дина,
юха а кхоьллина,
карла а даьхна.

6Ша леррина къобалвина волчу,
вайн КӀелхьардохург волчу Ӏийсагахула
Дала шортонца тоьхна вайна
Шен Синан Ӏаь.
7Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина,
Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех
вай хилийтархьама.

8И дош бакъ ду.

Цундела суна а лаьа оцу тӀехь хьо латта, Делах тешнарш дика гӀуллакхаш дарна тӀехь кхиамаш баха гӀертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду.
9Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду. 10Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита, 11и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.

ТӀаьххьара хьехамаш

12 aАртем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса. 13 bӀедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь. 14Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.

15Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара.

Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Copyright information for CheCAC2012