Titus 1
1ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. 2И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. 3Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира. 4 aӀийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна.Титас Крит-гӀайре тӀехь къахьегар
5Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а. 6 bИшттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала. 7Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. 8Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. 9Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. 10ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара. 11Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза. 12Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а». 13И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама. 14Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. 15Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду. 16Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.
Copyright information for
CheCAC2012