Zechariah 1
Закри-ЯхӀу-пайхамарна хӀиттийна суьрташ
Везачу Элана тӀедерзаре кхайкхам бар
1 aДари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира: 2«Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана. 3ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву. 4Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. 5Шун дай – уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим? 6Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».Дой гуш сурт хӀоттар
7ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь – иза шабат олу бутт бу, – Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 8 bБуьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу. 9Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» – аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу». 10Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла. 11Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду». 12Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?» 13ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира. 14Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со. 15Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’. 16Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“. 17Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».МаӀаш гар
18Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира. 19Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла. 20Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира. «Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама». 21Латта дусту тӀийраг гуш сурт хӀоттар
Copyright information for
CheCAC2012