‏ Zechariah 10

Везачу Эло халкъ кӀелхьардоккхур ду алар

1Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а. 2 aЦӀуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гӀенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагӀий санна, тилабелла лела. Царна гӀело а йо, царна тӀехь Ӏу воцу дела.

3Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду
Ӏуй... бежалой – кхузахь уьш кхечу къаьмнийн куьйгалхой бу.
. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу.
4ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а. 5ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.

6Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду,
Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду.
Ас уьш юхаберзор бу,
Со царна къинхетаме хилла дела,
ткъа уьш а хир бу,
Ас дӀа ца тесча санна.
Со церан Веза Дела ву,
Цара орца даьккхича,
Ас царна жоп лур ду.
7Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу.
Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна.
Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу.
Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.

8Ӏуьно шок тохарца санна хаам а бина,
Ас уьш схьагулбийр бу.
Мах а белла, Ас паргӀатбохур бу уьш.
Хьалха санна, шортта хир бу уьш.
9Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а,
генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш.
Цара шайн бераш а кхиор ду,
и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.
10Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу,
Ашур-махкара а схьагулбийр бу,
ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш,
амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
11Баланийн хӀордахула чекхбевр бу уьш,
цара хӀордан тулгӀенаш йохор ю,
ткъа Нил-хин кӀоргенаш якъалур ю.
Ашур-мехкан куралла лахйийр ю,
Мисар-мехкан ницкъ дӀабер бу.
12Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чӀагӀдийр ду.
Сан цӀарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012