Zechariah 12
Ярушалайм-гӀала кӀелхьаръяларх лаьцна хиндерг дийцар
1Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху: 2«Хьажал, Ярушалайм-гӀаланах чагӀаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дӀа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гӀалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхӀудан халкъе а иза молуьйтур ду. 3И де тӀекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тӀулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гӀиртинчо шена чӀогӀа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гӀалина дуьхьалдевр ду. 4Цу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Аса муьлхха а говр Ӏадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бӀаьргаш Ас ЯхӀудан халкъана тӀехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагӀийн массо а говраш бӀарзйийр ю Ас. 5ТӀаккха ЯхӀудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гӀалин бахархоша тхо иракарахӀиттош ду“. 6Цу дийнахь Ас ЯхӀудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цӀевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агӀор а дӀакхоллур ду, ткъа шаьш Ӏийначу Ярушалайм-гӀалахь адамаш кхидӀа а маьрша дехаш хир ду. 7Везачу Эло цкъа хьалха яхӀудхойн эскар кӀелхьардоккхур ду, Даудан цӀийнан а, ярушалаймхойн а сийлалла ЯхӀудан халкъан долчул лакха ца далийтархьама. 8Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гӀорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цӀа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду. 9И де тӀекхаьчча, Ярушалайм-гӀалина тӀелеташ долу дерриг а халкъаш хӀаллакдан волалур ву Со. 10 a bТкъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра. 11Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду. 12Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, 13Левин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаӀин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу».14
Copyright information for
CheCAC2012