Zechariah 2
1Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. 2Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама». 3ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара. 4Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю. 5Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».Йийсаре дӀабигначаьрга цӀа дерзаре кхайкхар
6«Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. – 7ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!» 8Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла. 9Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. 10«Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ! ▼▼Цийон-ломан йоӀ – иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.
ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – 11Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. 12Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю». 13ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.
Copyright information for
CheCAC2012