Zechariah 4
Стогар гуш сурт хӀоттар
1Соьга дистхуьлучу малико, юха а деана, со самаваьккхира, набарха самадоккху адам санна. 2Цо соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тӀехула зайтдаьттанна дӀахӀоттийна кад а, цунна тӀехь болу ворхӀ къуьда а, цунна тӀехь болчу къуьданийн ворхӀ-ворхӀ милт чухӀотто меттиг а. 3 aСтогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агӀор, ткъа важа цуьнан аьрру агӀор». 4Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хӀун ду?» – аьлла. 5Соьца къамел дечу малико, соьга жоп а луш, элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» «Сан олахо, ца хаьа суна-м», – элира ас. 6 bСоьга жоп а луш, цо элира ▼▼Цо элира – йолхалгӀачу аята тӀера уьтталгӀачу аятан хьалхарчу декъе кхаччалц аяташкахь дуьйцуш дерг коьртачу къамелана юкъадалийна ду.
: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – 7Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“». 8Соьга Везачу Элан дош кхечира: 9«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла. 10 dКӀеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хӀокху ворхӀ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бӀаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». 11 eТӀаккха цунна дуьхьал хаттар дира ас: «ХӀун маьӀна ду стогаран аьтту а, аьрру а агӀор долчу шина зайт-диттан?» 12ШозлагӀа а хаьттира ас: «ХӀун маьӀна долуш ду шина дашочу биргӀанна чуьра дашо даьтта охьаӀеночу зайт-диттан ши га?» 13Цо соьга элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» Ас жоп делира: «Сан олахо, ца хаьа суна-м», – аьлла. ТӀаккха цо хӀара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гӀуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш». 14Стигалахь лелаш, схьадаржийна хьарчош долу тептар гуш сурт хӀоттар
Copyright information for
CheCAC2012