Zechariah 5
1Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара. 2Малико соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Стигалахь лелаш схьадаржийна тептар го суна. Цуьнан йохалла ткъа дол ду, шоралла итт дол ду». 3Малико соьга элира: «Цунна тӀехь яздина ду берриге а ЯхӀуд-махка тӀехь болчарна тӀедогӀу неӀалт. ХӀунда аьлча лачкъош мел верг дӀаваьккхина хир ву, цхьана агӀор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дӀаваьккхина хир ву, вукху агӀор яздина ма-дарра». 4«Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».Черман чохь зуда гуш сурт хӀоттар
5Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бӀаьргаш хьала а айабай, арадолург хӀун ду хьажал». 6«И хӀун ду?» – аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тӀехь болчеран зулам ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: зулам. Ӏебархойн тептар тӀехь: сибат.
ду». 7Оцу хенахь дошах дина цуьнан негӀар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра. 8Малико элира: «И зуда – еккъа Ӏесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тӀе дошан негӀар кхоьссира. 9Сайн бӀаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хӀара дара: ши зуда гучуелира, церан тӀемашца мох бара, ткъа церан тӀемаш чӀерийдохучун тӀемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дӀадаьхьира. 10«Стенга дӀахьош ду цара и черма?» – хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике. 11ТӀаккха цо соьга иштта элира: «ШанӀар-махка ▼▼ШанӀар-мохк – иза Бавел-мехкан шира цӀе ю. Цунах лаьцна хьахадо «Доладалар» цӀе йолчу тептар тӀехь 11:2.
дӀахьош ду, цигарчу лаьтта тӀехь цунна Ӏибадат даран цӀа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тӀе дӀахӀоттор ду, нахе цунна Ӏибадат дайтархьама».
Copyright information for
CheCAC2012