Zechariah 6
Йиъ гӀудалкх гуш сурт хӀоттар
1Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду. 2 aХьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю, 3 bкхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. 4Сайга дистхуьлучу малике къамел дӀа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хӀун ду?» 5 cМалико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу». 6Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. 7Онда говраш, араевлча, лаьтта тӀехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира. 8ТӀаккха, со дӀа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тӀе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дӀаяьккхина».ЮшаӀана тӀе таж дилла омра дар
9Соьга Везачу Элан дош кхечира: 10«ХӀокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхӀун кӀентан Юши-ЯхӀун цӀа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хӀинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТӀуби-ЯхӀугара а, ЯдаӀ-ЯхӀугара а совгӀат схьаоьцур ду ахь цигахь. 11Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла. 12 dЦуьнга дӀаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо. 13Везачу Элан цӀа дӀахӀоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тӀеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гӀанта тӀехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гӀанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. 14Ткъа и таж Везачу Элан цӀа чохь хир ду, Хьелдай ▼▼Цхьана ширачу гочдар тӀехь: Хьелдай. Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: Хьелам.
а, ТӀуби-ЯхӀу а, ЯдаӀ-ЯхӀу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхӀун кӀанта Юши-ЯхӀус дина дика дагадаийтархьама а. 15Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».
Copyright information for
CheCAC2012