a ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:26; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14.
cЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7.
h Арадаккхар 24:8.
Zechariah 9
Исраилан халкъ а, кхин къаьмнаш а
Гонахарчу халкъашна тӀехь кхелъяр
1 aХӀара хаам Везачу Элера бу: ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу ▼▼Я иштта: Исраилан массо а тайпанийн санна, массо а адамийн бӀаьргаш Везачу Элана тӀебирзина бу.
. 2Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а. 3Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. 4Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю. 5 cИ дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац. 6Ашдод-гӀалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПӀелаштамхойн куралла Ас йожор ю. 7ЦӀий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цӀушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПӀелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхӀудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Ӏекхранхой, явсайхой ▼▼Явсайхой – Ярушалайм-гӀалин дуьххьарлера бахархой бара уьш. Дауд-паччахьо и гӀала схьалаьцначул тӀаьхьа, уьш цунна муьтӀахь бинарш хилира.
санна, хир бу. 8Эскаро санна, Ас Сайн хӀусам ларйийр ю, цхьа а тӀемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гӀело йийриг кхин махка чувер вац, хӀунда аьлча Со хӀинца Сайн бӀаьргашца церан дуьхьа хьоьжу». Хинволу Паччахь
9 eВезачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ!хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ!
Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш!
Нийса а, толам баьккхина а ву иза.
Делахь а цуьнан эсала амал ю
Иза вирана тӀехиъна вогӀу,
боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!
10 fАс Эпрайм-махкара ▼
▼Эпрайм-мохк – иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх ю.
тӀеман гӀудалкхаш дӀайохур ю,Ярушалайм-гӀалара тӀеман дой дӀадохур ду,
ткъа тӀеман Ӏад кагдина дӀадаьккхина хир ду.
Оцу паччахьо халкъашна машар дӀакхайкхор бу.
Цо олалла дийр ду цхьана хӀорда тӀера вукху хӀордана тӀе кхаччалц а,
Эпрат-хина тӀера дуьненан йистошка кхаччалц а.
11 hТкъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча,
Айса хьоьца цӀийца чӀагӀбина бинчу бертан дуьхьа
кхечу махка йийсаре дӀабигна хьан нах,
хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.
12Юхадерза шайн гӀопана тӀе, сатуьйсу йийсархой!
Тахана Ас дӀакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.
13ЯхӀуд, Ӏад санна, Сайна тӀеозор ву Ас,
пхерчий санна болчу Эпраймах дузур ду и Ӏад.
Хьан бахархой, Цийон, бохур бу Ас
грекийн мехкан бахархошна дуьхьал.
Царах эскархочун тур дийр ду Ас».
14Веза Эла царна тӀехула гучувер ву.
Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Ӏад.
Хьалдолчу Эло коьман маӀа екор ю,
Иза къилберачу дарцашца дӀаволалур ву.
15Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш.
Цара шайн мостагӀий дӀакхоллур бу,
церан ширдолагийн тӀулгаш а хьоьшур ду.
Муьйлур ду цара, гӀовгӀанаш а йийр ю,
чагӀаро бахийча санна.
Уьш бузур бу, сагӀин кад санна,
сагӀа доккхучу кхерчан сенаш санна.
16Цу дийнахь церан Везачу Дала
Шен халкъ кӀелхьардоккхур ду,
Ӏуьно шен жа кӀелхьар-ма-даккхара.
Таж тӀера тӀулгаш санна,
уьш Цуьнан лаьтта тӀехь лепар бу.
17ЭхӀ-хӀай, мел исбаьхьа а, хаза а хир ду Цуьнан халкъ!
КӀен ялто а, керлачу чагӀаро а,
кегий нах а, мехкарий а денбийр бу.
Copyright information for
CheCAC2012