Zechariah 11
Везачу Эло нуьцкъала пачхьалкхаш эшор
1Ливанун-мохк, дӀаделла хьайн кевнаш,цӀере хьан баганан-дитташ дӀакхаллийтархьама!
2Делха, зоьзан-дитт,
баганан-дитташ охьаэгна дела,
и даккхий дитташ хӀаллакдина дела.
Делхийша, Башанан нежнаш,
луьста хьаннаш дӀахедийна дела.
3ЛадогӀа Ӏуйн белхарийн аьзнашка –
церан сийлахь дежийлаш дӀа ма евлла!
ЛадогӀа къоначу лоьмийн гӀигӀ даре –
Йордан-хин боьлак хӀаллак ма йина!
Ши Ӏу
4Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагӀий. 5УьстагӀий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“Церан-шайн Ӏушна а царах къа ца хета. 6ХӀокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, – боху Везачу Эло. – Царах хӀорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дӀалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хӀаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш». 7Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагӀий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цӀераш а техкина, уьстагӀий дажош Ӏийра со. 8ЖаӀуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кӀордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара. 9ТӀаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагӀий дажор дац. Леш берш лойла, хӀаллакьхуьлуш берш хӀаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла». 10Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош. 11Оццу дийнахь и барт бохийра. ТӀаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла. 12 a bАс иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТӀаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна. 13Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Уьш пхьерана дӀало. Цхьана ширачу гочдар тӀехь: Уьш Делан цӀийнан хазнина дӀало.
– иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира. 14«Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхӀудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош. 15Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаӀуйн гӀирс хьайца схьаэца. 16ХӀунда аьлча хӀокху махка тӀехь Ӏу дӀахӀотто воллу Со, леш долчу шен уьстагӀийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг. 17Декъаза ву Сан телхина Ӏу, жа дуьтуш волу!Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бӀаьргана а тухийла.
Цуьнан куьг кхоччуш заьӀап хуьлда,
аьтту бӀаьрг а кхоччуш бӀаьрса доцуш буьсийла».
Copyright information for
CheCAC2012