Zechariah 12:10-14
10 a bТкъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра. 11Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду. 12Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, 13Левин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаӀин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу».14
Copyright information for
CheCAC2012