Zechariah 13
1«Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду. 2И де тӀекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду. 3Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду. 4И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна. 5ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву ▼▼Цхьадолчу гочдарш тӀехь: лаьтта тӀехь болх беш ву. Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: цхьаммо сох лай вина.
“. 6Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, – аьлла». ЖаӀуьнан а, жен а кхоллам
7 b«ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе,Суна уллора волчу стагана тӀе, –
боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь,
жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду.
Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.
8Берриге а махкахь иштта хир ду, –
боху Везачу Эло, –
ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду,
ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.
9И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду.
Дети лаладаре терра, лалор ду иза,
деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду.
Соьга кхойкхур бу уьш,
ткъа Суна хезар бу уьш.
Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“.
Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Copyright information for
CheCAC2012