Zechariah 14
ТӀаьххьара тӀом а, Веза Эла схьавар а
1Хьажал, Везачу Элан цхьа де тӀекхочуш ду. И де тӀекхаьчча, шуьгара яьккхина хӀонс мостагӀаша шун бӀаьргашна хьалха дӀасайоькъур ю шайна юкъахь. 2Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан схьагулдийр ду. ГӀала схьаяьккхина хир ю. ЦӀеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГӀалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гӀаланах дӀахадийна хир дац. 3ТӀаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тӀом бийр бу, тӀеман дийнахь Ша тӀом ма-барра. 4Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гӀалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тӀехь дӀахӀуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогӀица. Ах лам къилбаседехьа дӀабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дӀабер бу. 5Ацала кхаччалц дӀаяьржина йолчу оцу Сан тогӀенехула дӀадовдур ду шу, яхӀудхойн паччахь хиллачу Ӏузи-ЯхӀун деношкахь мохк бегийча шун дай дӀабевдда ма-хиллара. ТӀаккха сан Веза Дела схьавогӀур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а. 6И де тӀекхаьчча, серло а, шело а, йис а хир яц ▼▼Серло а, шело а, йис а хир яц – я иштта: серло хир яц – шело а, йис а бен хир яц.
. 7И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло. 8 bИ де тӀекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хӀордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хӀордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Ӏай а. 9Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тӀехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цӀарца бен Деле кхойкхур бац. 10Къилбаседехьа йолчу ГибаӀ-гӀалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гӀалина тӀекхаччалц дерриг а латта Ӏариба-тогӀи санна хир ду. Ярушалайм-гӀала шен лекхачу меттехь кхидӀа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тӀера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тӀекхаччалц а, Хьананиал-бӀаьвнна тӀера паччахьан муттдоккхургана тӀекхаччалц а. 11 cНах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хӀаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гӀалина. 12Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бинчу массо а халкъашна Везачу Эло тухур долу ун иштта хир ду: хӀораннан а дегӀ телхар ду, иза шен когаш тӀехь лаьтташехь, цуьнан бӀаьргаш телхар бу, бӀаьргийн даьӀахкашна юккъехь лаьтташехь, цуьнан мотт а багахь телхар бу. 13И де тӀекхаьчча, уьш Везачу Эло чӀогӀа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тӀелетар а бу. 14Ур-атталла ЯхӀудан халкъо а тӀом латтор бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал ▼▼Я иштта: ЯхӀудан халкъо а Ярушалайм-гӀалахь мостагӀашна дуьхьал тӀом латтор бу.
. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу – боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш. 15Иштта мостагӀийн меттаметтанашкахь йолчу говрашна, вирбӀарзанашна, эмкалшна, варрашна, муьлхха а кхечу хьайбанна а хьалха санна долу ун кхетар ду. 16 eЮха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хӀора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан а, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. 17Нагахь санна лаьтта тӀера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан Ярушалайме ца дагӀахь, церан лаьтта тӀе догӀа догӀур дац. 18Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багӀахь, царна а догӀа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан ца богӀучарна деш доллу таӀзар. 19Иштта таӀзар дийр ду адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан богӀур боцучу мисархошна а, массо а халкъашна а. 20Цу хенахь говрийн горгалешна тӀехь а дӀаяздина хир ду: «Везачу Элана къобалдинарг», – аьлла. Везачу Элан цӀа чуьра еш а хир ду, сагӀа доккхучу кхерчана хьалхара сагӀин кедаш санна, деза. 21Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а хӀорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагӀина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан кертахь.
Copyright information for
CheCAC2012