Zechariah 3
Коьрта динан да гуш сурт хӀоттар
1 aВезачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа ▼▼ШайтӀа – иза иблисан кхин цӀе ю.
а схьагайтира. 2 cВезачу Эло элира шайтӀане: «Ва шайтӀа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гӀала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦӀерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» 3Ткъа ЮшаӀ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. 4Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДӀаяха цунна тӀера боьха бедарш». Ткъа ЮшаӀе иштта элира: «Хьажал, хьуна тӀера къа дӀа а даьккхина, ас хьуна тӀе хаза духарш духур ду». 5Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тилла». Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тиллира, дегӀа тӀе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. 6Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаӀе иштта дӀа а элира: 7«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара. 8 dЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг. 9Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа. 10 eОцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хӀораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кӀелахь Ӏа шайн уллораниг хьошалгӀа кхойкхур ву“».
Copyright information for
CheCAC2012