Zechariah 9:5-7
5 aИ дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац. 6Ашдод-гӀалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПӀелаштамхойн куралла Ас йожор ю. 7ЦӀий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цӀушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПӀелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхӀудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Ӏекхранхой, явсайхой ▼▼Явсайхой – Ярушалайм-гӀалин дуьххьарлера бахархой бара уьш. Дауд-паччахьо и гӀала схьалаьцначул тӀаьхьа, уьш цунна муьтӀахь бинарш хилира.
санна, хир бу.
Copyright information for
CheCAC2012