Zephaniah 1
1 aХӀара бу яхӀудхойн паччахьан Аминан кӀанта Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кӀанте Цапни-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхӀун кӀентан Амар-ЯхӀун кӀант хилла.Везачо Эло бекхам бийр долу де
2«Лаьтта тӀера дерриг хӀума а дӀадойур ду Ас, – боху Везачу Эло. – 3Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а дойур ду, Ӏесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цӀуш а дӀабохур бу. Ас лаьтта тӀера адамаш хӀаллакдина дӀадохур ду, – боху Везачу Эло. 4Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхӀудан халкъана а, Ярушалайм-гӀалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаӀал-харцдалла Ӏамал еш диснарг хӀаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дӀабирзинчу динан дайн а цӀераш кхин цкъа а багах йохур яц. 5Тхевнна тӀе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хӀорра а хӀаллаквина дӀавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Ӏибадат а деш, тешаме хила чӀагӀо а еш, амма шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш ▼▼Шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш – я иштта: оцу тайпана МилкӀом-харцдалла тешаме хила чӀагӀо йийраш.
а хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. 6Веза Эла волчу Суна тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хӀаллакбийр бу Ас». 7Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дӀасовца! ХӀунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагӀина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш. 8«СагӀа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таӀзар дийр ду элашна а, паччахьан кӀенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тӀе духучарна а. 9Ас таӀзар дийр ду неӀсагӀина тӀехула лелхачарна а, шайн олахочун цӀа ▼▼Шайн олахочун цӀа – я иштта: шайн харцделан цӀа.
къизаллех а, харцонех а дузучарна а. 10Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – ЧӀерийн кевнехь цӀогӀа детташ хезар ду, гӀалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тӀера церан дохоран чӀогӀа гӀовгӀа хир ю. 11Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу. 12Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таӀзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна. 13Церан хьал хӀонс санна схьадоккхур ду, церан цӀенош а дассор ду. Цара цӀенош дӀахӀиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагӀар муьйлур дац». 14Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду! 15И де – оьгӀазаллин де ду, гӀайгӀанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Ӏаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, 16коьман маӀа лекхаран а, тӀеман цӀогӀа тохаран а де. ТӀелатарш хир ду чӀагӀйинчу гӀаланашна а, лекхачу бӀаьвнашна а дуьхьал. 17Везачу Эло боху: «Адамаш бӀаьрзенаш санна леллал чӀогӀа гӀайгӀанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цӀий, чан санна, дӀасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дӀасакхиссина хир ду». 18Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.
Copyright information for
CheCAC2012