Zephaniah 3
Ярушалаймхойн къинош а, уьш паргӀатбахар а
1Декъаза ю боьха а, сийсазъяьлла а, гӀело еш йолу а гӀала! 2Делан озе ла ца дугӀу цо, ша нисъяйтар тӀе ца оьцу. Иза Везачу Элана тӀе ца тевжа, шен Далла юххе ца гӀерта. 3Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гӀигӀ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьӀахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу. 4Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агӀор хуьйцу цара. 5Веза Эла оцу гӀалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХӀора Ӏуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хӀун ду ца хаьа. 6Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хӀаллакдина, церан чӀагӀонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хӀинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гӀаланаш хӀаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац. 7Ас гӀалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тӀеэцалахь!“Иза иштта леллехь, цуьнан Ӏаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таӀзар Ас дийр дацара. Амма цунна хӀетте а дерриг а шен гӀуллакхашна тӀехь телхина мел дерг дан лаьара. 8Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: царна дуьхьал тоьшалла дан. Ӏебархойн тептар тӀехь: царах хӀонс яккха.
Со гӀоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тӀегулдар а, пачхьалкхаш тӀегулъяр а, Сайн оьгӀазалла царна тӀе Ӏанорхьама а, Сайн чӀогӀа дералла царна тӀе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цӀаро дерриг а латта дӀакхоллур ду. 9ТӀаккха Ас юха а халкъашна цӀена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гӀуллакх дайтархьама а. 10Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доӀа дечара, Ас дӀасадаржийначу халкъо, Суна совгӀаташ дахьар ду. 11Оцу дийнахь, Сан халкъ, Суна дуьхьал айхьа мел лелийначу гӀуллакхех хьуна эхь хета кхин оьшур дац, хӀунда аьлча оцу хенахь хьуна юкъара шайн кураллех сакъералуш берш Ас дӀабохур бу. Сан безачу лам тӀехь кхин дозаллаш дийр дац ахь. 12Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу. 13 bИсраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагӀий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш». Самукъане хиларе тӀекхайкхар
14Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоӀ! ▼▼Цийонан йоӀ – иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.
Доккхаде, Исраилан халкъ!
Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила
Ярушалайм-гӀалин йоӀ!
15Везачу Эло таӀзар шуна тӀера дӀадерзийна,
шун мостагӀа а эккхийна!
Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву –
шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза.
16Цу дийнахь Ярушалайме иштта эр ду:
«Ма кхера, ва Цийон!
Хьайн куьйгаш гӀел ма далийта!
17Шун Веза Дела шуна юкъахь ву,
Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву.
Шух сакъералуш воккхавер ву Иза,
Шен безамца шу карладохур ду Цо ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: Шен безамца шу карладохур ду Цо. Ӏебархойн тептар тӀехь: Шен безамца шух лаьцна вистхир вац Иза.
,шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
18Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош
даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча,
царах хӀонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а,
Ас уьш юха схьагулбийр бу.
19Хьуна гӀело мел йиначарна
таӀзар дийр ду Ас оцу хенахь.
АстагӀа леларш кӀелхьарбохур бу,
дӀасабаржийнарш тӀегулбийр бу.
Ас уьш лоруьйтур бу, гӀарабохур бу
уьш сийсазбохучу хӀокху дерриге а лаьтта тӀехь.
20Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду,
оццу дийнахь схьа а гулдийр ду.
Ас шу гӀарадохур а ду, лоруьйтур а ду
лаьтта тӀера массо а халкъашна юкъахь,
Ас шун бӀаьргашна хьалха
шун аьтто юхаметтахӀоттийначу хенахь», –
боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012