a ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Закри-ЯхӀу 9:5-7.
Zephaniah 2
Далла тӀедерзаре тӀекхайкхар
1Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ, 2Делан сацам кхочушхилале, Далла тӀедерзаран де, мохо кегаш дӀахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгӀазалла шайна тӀеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тӀекхачале. 3Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.Исраил-махкана гонахарчу халкъех лаьцна бина сацам
4 aӀази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю. 5Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн ▼▼Кератхой – иза «пӀелаштамхойн» кхин цӀе ю.
халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой». 6ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу. 7И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела. 8 cВезачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а. 9 dДийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». 10Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. 11Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а. 12 eШу а, хушахой, Сан туьро хӀаллакдина хир ду. 13 fШен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. 14Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду. 15Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Copyright information for
CheCAC2012