‏ Zephaniah 2:4-7

Исраил-махкана гонахарчу халкъех лаьцна бина сацам

4 aӀази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю. 5Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн
Кератхой – иза «пӀелаштамхойн» кхин цӀе ю.
халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой».
6ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу. 7И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.
Copyright information for CheCAC2012