‏ 1 Chronicles 1:43-54

Эдом-мехкан паччахьаш

(Доладалар 36:31-43)

43Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера:

БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

44БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.

45Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

46Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

47ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.

48Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.

49Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.

50БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.

51ХӀадад а велла.

Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,
52АхӀлибам, Эла, Пинан, 53Кхеназ, Теман, Мубацар, 54Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.
Copyright information for CheCAC2012