1 Chronicles 1:5-23
5Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. 6Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: РипӀат. Ӏебархойн тептар тӀехь: Дипати.
, ТогӀарма. 7Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам. 8Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. 9Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан. 10Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара. 11Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 12патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой. 13КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 14Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 15хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 16арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. 17Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах. 18Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. 19Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ ▼▼ПалагӀ – Ӏебархойн маттахь цуьнан маьӀна ду «декъадалар».
яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. 20Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 21ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 22Ӏейбал, Абумаил, Шеба, 23Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.
Copyright information for
CheCAC2012