‏ 1 Chronicles 10:1-6

Шаул-паччахьан дӀакхалхар

(Шамъал 31:1-13)

1ПӀелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тӀом беш бара. ТӀаккха и тӀом бечу хенахь исраилхой пӀелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хӀаллакьхилира цу тӀамехь. Иза дара ГилбаӀ олучу лам тӀехь. 2ТӀаккха пӀелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьабевлира. Цу тӀамехь цара вийра Шаулан кӀентех кхо кӀант: ЯхӀуната, Абинадаб, МалкишаӀ. 3Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. СекхаӀад кхоссархоша, Шаул волчу агӀор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна. 4ТӀаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Ӏоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пӀелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира иза дан. ТӀаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тӀе вогӀавелира Шаул. 5Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тӀе а вогӀавелла, велира. 6Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан цӀийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира.
Copyright information for CheCAC2012