‏ 1 Chronicles 11:1-9

Дауд паччахь хилла дӀахӀоттар

(Дауд 5:1-10)

1ТӀаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гӀала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегӀ а, цӀий а ду. 2ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».

3ТӀаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дӀакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.

Дауда Ярушалайм дӀалоцу

4 aШеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гӀала олура. Ткъа цигахь Ӏаш болчу нахах явсайхой олура. 5ТӀаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гӀали чу вогӀур вац хьо».

Амма Дауда дӀалецира церан Цийон-гӀалин гӀап. Оцу меттигах цул тӀаьхьа Даудан гӀала элира.
6Дауда аьллера: «Уггар хьалха тӀе а летта, явсайхой хӀаллакбиннарг тӀемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву».

ТӀаккха Царуятан кӀант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тӀелетира. Иштта цунах хилира берриг а тӀемалойн коьрта хьаькам.

7Дауд цу чӀагӀйинчу гӀали чохь ваха охьахиира, цундела цу гӀаланах «Даудан гӀала» элира. 8Цу гӀалина гонах гобаьккхина гӀишлош дӀахӀиттийра Дауда. Уьш дӀахӀиттийнера Милло олучу гу тӀера дуьйна, гӀалина гонах долчу пенашна тӀе кхаччалц. Ткъа гӀалара важа йолу гӀишлош Йоаба тӀейинера. 9Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.
Copyright information for CheCAC2012