1 Chronicles 11:10-41
Даудан уггар майра тӀемалой
(Дауд 23:8-39)
10Иштта Даудан тӀемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тӀехь долу паччахьалла чӀагӀдеш бара уьш. 11ТӀамехь тӀемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цӀераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кӀант ЯшбаӀам. ЯшбаӀама цхьана тӀеман къовсамехь кхо бӀе стаг вийнера шен гоьмукъца. 12Цул тӀаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. 13ЭлиӀазар вара цкъа Даудаца пӀелаштамхой тӀом бан тӀегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пӀелаштамхойх кхера а белла, дӀабевддера. 14ЭлиӀазара, шен тӀемалошца дӀа а хӀоьттина, и аре ларъеш, тӀом бира. Цара толам баьккхира пӀелаштамхошна тӀехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кӀелхьардовлар делира исраилхошна. 15Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тӀе а ваьлла, Ӏадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пӀелаштамхой репахойн тогӀи олучу меттигехь бара. 16Цу хенахь Дауд шен чӀагӀонан меттигехь вара, ткъа пӀелаштамхошна ха деш болу тӀемалой Байтлахам-гӀалахь бара. 17Дауд чӀогӀа хьогах вара. ТӀаккха цо элира: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» 18ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 19ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий мер дара ткъа аса?» ХӀунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хӀума динера оцу майрачу кхаа тӀемалочо. 20Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тӀемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бӀе мостагӀа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. 21Оцу кхаанна юкъахь гӀараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тӀемалочуьнга ца кхочура Абушай. 22ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу шен майраллица а, ша дечу гӀуллакхашца а чӀогӀа гӀараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхӀус Муаби-махкара гӀараваьлла волу ши баьчча ▼▼ГӀараваьлла ши баьчча – я иштта: Ариалан ши кӀант.
вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. 23Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегӀ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхӀус кхин а. КӀади деш йолчу чорхан гӀуркх санна, чӀогӀа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхӀус, карахь гӀаж а йолуш, мисархочунна тӀе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. 24Иштта гӀуллакхаш динера ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. И важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вара БенъяхӀу а. 25Иза а оцу майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъахь гӀараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогӀура БенъяхӀу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийнера БенъяхӀу. 26Ткъа коьрта волу ткъе итт тӀемало хӀара вара: Йоабан ваша ӀасахӀал,Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,
27ХӀарар-гӀалара Шамати,
пеланхо волу Хьелац,
28такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,
Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,
29хьушатхо волу Субахи,
ахьохьахо Ӏилай,
30натӀупатхо Махьран,
натӀупатхо волу БаӀнин кӀант Хьалид,
31Ребин кӀант Ита, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара волу,
пӀарӀатунхо волу БенъяхӀу,
32ГаӀаш-тогӀенашкара Хьурай,
Ӏарбатера Абуал,
33бахьрумхо Ӏазмават,
шаӀалбанхо Элияхьба,
34гизанхо волчу ХӀашеман кӀентий,
ШагӀин кӀант ЯхӀуната, хӀарархо волу,
35хӀарархо волчу Сакаран кӀант Ахьиам,
Урин кӀант ЭлипӀал,
36Махерат-гӀалара Хьепар,
пеланхо АхьъяхӀу,
37кармалхо волу Хьецари,
Эзбайн кӀант НаӀрай,
38Натин ваша Юал,
ХӀагиран кӀант Мибхьар,
39Ӏамминхо Цалакх,
баировтхо Нахьрай, Царуятан кӀентан Йоабан герз лелош верг,
40итархо волу Ӏира,
итархо ГӀараб,
41хьетахо УръяхӀу,
Ахьлайн кӀант Забад,
Copyright information for
CheCAC2012