1 Chronicles 14:8-17
ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар
(Дауд 5:17-25)
8ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. 9Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира. 10ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», – аьлла. 11Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 12ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира. 13Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира. 14Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 15Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 16Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира. 17Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012