‏ 1 Chronicles 15:25-29

Бертан тӀорказ Ярушалайме дӀадахьар

(Дауд 6:12-22)

25Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа. 26Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира. 27Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин ве̄танан ийпад а яра. 28Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.

Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.29

‏ 1 Chronicles 16:1-6

1Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. 2Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. 3Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.

4ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. 5Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта. 6Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012