‏ 1 Chronicles 16:23-33

23Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено.
Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
24Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае,
массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.

25Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.
Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
26Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу,
ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
27Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.
Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.

28Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
29Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша!
Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.
30Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
31Стигалш сакъералойша, латта даккхийде!
ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»
32ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!
Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.
33Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду,
Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву,
дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.
Copyright information for CheCAC2012