1 Chronicles 16:8-22
Даудан баркаллин назма
(Забур 104:1-15; 95:1-13; 105:1, 47, 48)
8Баркалла ала Везачу Элана!Цуьнан цӀарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
9Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
10Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
11Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
12Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
13ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш,
Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!
14Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
15Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
16ИбрахӀимца Ша бина болу барт,
Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.
17 aЦо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,
Исраилана ▼
▼Исраил – и ву Якъуб.
– гуттаренна а болу барт санна.18Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
19Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
20Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
21 cДала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
22«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
Copyright information for
CheCAC2012