1 Chronicles 17:11-14
11Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса меттахӀоттор ду хьан хӀу, хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду Аса. 12Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чӀагӀбийр бу. 13 aСо цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а. 14Сайн халкъана тӀехь а, Сайн пачхьалкхана тӀехь а абаденналц дӀахӀоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдина хир ду’“».
Copyright information for
CheCAC2012