1 Chronicles 17:16-27
Дауда дина баркаллин доӀа
(Дауд 7:18-29)
16ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 17Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела! 18Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай! 19Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хӀуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дӀа а довзуьйтуш. 20Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 21Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дӀалохкура Ахьа. 22Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дӀахӀоьттира. 23Ткъа хӀинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чӀагӀдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, 24иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 25Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дӀадилли, Айхьа суна цӀа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хӀара доӀа дан. 26Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахьа! 27Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012