‏ 1 Chronicles 17:3-10

3Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: 4«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац, 5хӀунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц цӀа чохь Ӏар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. 6Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’ – аьлла.

7Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 8Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 9Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугӀур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, 10мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.
Copyright information for CheCAC2012