1 Chronicles 20:4-8
ПӀелаштамхойн турпалшца тӀом бар
(Дауд 21:15-22)
4Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна. 5 aТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра. 6Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 7Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра. 8И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
Copyright information for
CheCAC2012