‏ 1 Chronicles 21:1-14

Халкъан дагардар

(Дауд 24:1-25)

1 Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. 2Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».

3ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?» 4Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. 5Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара. 6Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.

7И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира. 8Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».

9ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: 10«Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».

11Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде: 12Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»

13Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».

14ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш.
Copyright information for CheCAC2012