1 Chronicles 4:28-33
28 aУьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь. 29Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а, 30Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а, 31Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. 32Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун. 33Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.
Copyright information for
CheCAC2012