‏ 1 Kings 1:9-16

9Ӏейн-РегӀал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу
Зохьелат тӀулг – я иштта: лаьхьанан тӀулг.
тӀулгана уллохь, Дауд-паччахьан кӀентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гӀуллакх деш болу берриге яхӀудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагӀий, эсий дайира Адан-ЯхӀус.
10Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхӀу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхӀус.

Сулимах паччахь вар

11 bТӀаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаӀе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а? 12Ткъа хӀинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кӀентан Сулиман а дахар ахьа муха кӀелхьардаккха деза аьлла. 13Дауд-паччахьна тӀе а гӀой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чӀагӀо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кӀант Сулим хьол тӀаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀу хӀунда хуьлуш ву паччахь?’ 14Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тӀаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догӀург тӀе а тухуш“».

15Паччахь вуьжучу цӀа чу елира Бат-ШабаӀ. Паччахь чӀогӀа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагӀ яра цу чохь. 16Бат-ШабаӀа, охьа а таьӀна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хӀун оьшу?»
Copyright information for CheCAC2012